ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Зуламхочо герз диттина адамаш дайина Страсбургехь


Страсбург, Франци. 11ГIур2018.
Страсбург, Франци. 11ГIур2018.

Герз диттина кхо стаг вийна Францерчу Страсбургехь ГIура-беттан 11-чу сарахь. 11 стаг чевнаш хилла ву. Францин зорбанан гIирсаша яздарехь, царах 5 вочу хьолехь ву.

Полицина хиъна и зулам динарг мила ву. Болчу хаамашца зуламхо ву 29 шо долу Страсбургехь вина а, кхиъна а волу Шериф Ш. цIарца вуьйцу стаг.

Иза хьалха чувоьллина хилла ву Францехь а, Германехь а. Францин лерринчу сервисийн белхахоша шайн тидамехь латточу нахана юкъахь хилла иза.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG