ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Басаевн хилла тIеман накъост лаьцна Ставрополехь


Ставрополехь ницкъаллин структурийн белхахоша лаьцна Басаев Шемилан тIеман тобанан декъашхо хилла стаг. Цуьнан цIе ю Казбулатов Шамил, хаам бо Оьрсийчоьнан талламан комитетан Къилбаседа Кавказерчу урхалло. Цунна бехке дуьллуш ду масийтта зулам дар, шайна юкъахь ницкъаллин структурийн белхахой байа гIортар а долуш.

Талламхойн версица Казбулатов дакъалоцуш хилла 2000-чу шарахь Нохчийчохь Улус-Кертана гергахь Псковерчу десантхошна динчу тIелатарехь. Цу тIамехь 84 эскархо вийра, кхин а 4 чевнаш хилла вара.

Болчу хаамца, Казбулатов хан текхна ву колонехь, 1999-чу шарахь БотIлихехь хиллачу тIеман хиламашкахь дакъалацарна. Иза маьрша ваьлла хилла 2013-чу шарахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG