ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Левада-центр: Оьрсийчоьнан ах гергга бахархоша цкъа а ца ешна Конституци


Оьрсийчоьнан Конституцин де даздеш ду ГIура-беттан 12-чу дийнахь. Амма хIора 4-чу Оьрсийчуьра вахархочунна ца хаьа цунах лаьцна хIумма а. Царна ца хаьа хIун де ду махкахь даздеш дерг. Иза гойтуш бу Левада-центро бина социологин таллам.

Цуьнца а догIуш, хIора 10-гIачу цу хаттарехь дакъалаьцначу вахархочо жоп делла ша Оьрсийчоьнан Конституци еша а ешна, цуьнан чулацам а хаьа шена аьлла.

42 процент Оьрсийчуьра бахархой къера хилла шаьш пачхьалкхан коьрта низам цкъа а дешна ца хиларна.

Левада-центран талламехь дакъалаьцначу нахах эхаммо аьлла, шаьш Конститци ешна, амма цуьнан чулацам дага ца богIу шайна аьлла.

40 процентана хета Оьрсийчоьнан Iедалша мехакан Конституци буьззинчу барамехь ларйеш ю аьлла. Оццул ала мегар долуш бахархошна хета Iедалша цхьанадекъана иза ларйон аьлла. 18 процент нах бен бац пачхьалкхан органаша Оьрсийчохь Конституци ларйеш яц аьлла хеташ.

Карарчу хенахь Оьрсийчохь лелаш йолу Конституци тIеоьцуш ерригоьрсийчоьнан референдум хилира 25 шо хьалха, 1993-чу шарахь ГIура-беттан 12-чу дийнахь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG