ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Австрера араяьккхина зуда елла Нохчийчохь


Австри. Полисхо.
Австри. Полисхо.

Австрера араяьккхина нохчийн зуда елла Нохчийчохь вочу цамгарх. Цунах лаьцна хаам бина Грац гIалахь арадолучу "Кляйнен Цайтунг" газето.

Болчу хаамца, 56 шо долу Айза Австре кхаьчна хилла 2016-чу шарахь. ЦIе ца йоккхучу цамгаран бала хьоьгуш йолчу цо тховкIело ехна хилла Австрин Iедалшка.

Махках яккхалц дархочунна гIо деш хилла "Францискан тӀеэцар" юкъараллехь болх беш болу зударий. Делахь а 2017-чу шарахь Лахьанан-баттахь полицино лаьцна Нохчийчу дIахьажийна хилла и зуда.

Грац гIаларчу котоликийн юкъараллан векало Бейглбек Герберта Айза кхалхарх кадам беш аьлла, шена эхь хета Австрин Iедалша динарг бахьана долуш аьлла. Цо шаьш халахетта ду аьлла халачу муьрехь цу зудчунна гIортор ян шайн аьтто ца хиларна, яздо "Кляйнен Цайтунг" газето.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG