ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

100 эзар гергга стаг ток йоцуш висина Нохчийчохь


100 эзар гергга стаг ток йоцуш висина Нохчийчуьрчу кхаа кIоштахь. Цунах лаьцна хаам бина Оьрсийчоьнан энергетикан министраллан аналитикан центро.

Цу хаамца а догIуш, тIе йогIуш ток йоцуш дисина Соьлж-ГIала - ГРП-110 а, Плиево – СемаIашка а, СемаIашка - ГРП-110 а олу онда ток лела серий. Цу кепара электросерлонах кхачо ялуш яц ТIехьа-Мартанан а, Соьлжан а, Хьалха-Мартанан а кIошташкахь.

Ток ялар меттахIотторан белхаш бу дIахьош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG