ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчочо къевсина Deutsche Welle материалана репост ярна Германехь шена гIуда тохар


Германерчу Аугсбург гIалан кхело 1125 евро барамехь гIуда тоьхна Нохчийчуьра схьаваьллачу Абдурахманов Мухьаммадана (цуьнан ваша Тумсо ву вевзаш волу блогер), "Немцойн тулгIе" (Deutsche Welle) портало "Исламан пачхьалкх" тоба хьехош кечйинчу материалана репост ярна. Цуьнан адвокато Кюнне Йоханнас къевсина и сацам, иза цхьа а доцург ду аьлла, хаам бо Deutsche Welle-с.

Юристана хетарехь, Абдурахмановс динарг хьокъехь кхело бина сацам кхераме масал ду. Цо дийцарехь, суьдхочо тидаме ца эцна цу стага интернетехь репост йинарг дешан маршонах лаьцначу низамо ларйеш йолу журналистан материал хилар.

Абдурахманов карарчу хенахь тховкIело йоьхуш ву Германерчу Iедалшка. Хьалхо уьш реза ца хиллера и стаг шайн махкахь тIелаца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG