ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Веза-вевзачунна бIаьрга буй тоьхна стаг кхеле озийна Нохчийчохь


Соьлжан кIоштан прокуратуро кхеле хьажийна меттигерчу вахархочо шен веза-вевзачунна тохарх лаьцна бехктакхаман гIуллакх.

Таллам бича гучудаьлларг ду Iабдул-Малик Х. цIе йолчу стага, дов а даьлла, шен вевзаш волчу Iумар цIе йолчу стагана бетах буй тоьхна хилар. Буй кхетта бIаьрга, и стаг кхетам чуьра а воккхуш. И бахьана долуш Iумар цIе йолчу стеган могашалла галъялла хилла цхьана ханна.

Низамца а догIуш, цу тайпа зулам динчунна тIазар догIу 3 шаре кхаччалц набахтехь яьккха хан тохарца.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG