ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кремлехь жоп делла Кадыровс Нохчийчоьнна ахча ца тоьа аларна


Песков Дмитрий.
Песков Дмитрий.

«Россия 24» телеканалана интервью луш Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дIахьедар динера, кху тIаьхьарчу 11 шарахь федералан программа кхочуш ян алссамо ахча доуьйтуш хиллехь кхин а дика жамIаш гойтур дара шаьш, кхин а дика хир дара уьш шайна новкъарло еш ца хиллехь аьлла, тIе а тухуш.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо аьллачунна комментари йина Оьрсийчоьнан президентан зорбанан секретаро Песков Дмитрийс. Цо дийцарехь, Оьрсийчуьрчу регионашна даима а ца тоьа ахча, иза кхиаран лартIехь хаттар ду.

"Регионийн куьйгалхочша пачхьалкхан куьйгалхочуьнца къамелаш деш, сих-сиха меттах доккхуш ду шайн республикерчу территорина тIехь цхьацца проекташ кхочуш еш деллачу ахчанан барам алсамбаккхар", - боху Песковс.

Цо дийцарехь, изза хуьлу Нохчийчохь а. "Цундела иза республикера экономика кхиаран лартIехь долу хаттар ду", - бигалдаьккхина цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG