ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Страсбургехь вийначу веанна юкъахь ву Италера журналист


Франци, Страсбург, ГIур.11, 2018. Архивера сурт.
Франци, Страсбург, ГIур.11, 2018. Архивера сурт.

Страсбургехь герз диттина верриг вийнарг ву 4 стаг. Цунах лаьцна хаам бина Associated Press агенталло, прокурорашна тIе а тевжаш. Хьалхо хаам бинера цу гIаларчу базарахь тIелатар дар бахьана долуш кхелхинарг 3 стаг ву аьлла.

ГIура-беттан 14-чу сарахь йовзийтина герз диттинчу дийнахь дуьйна вочу хIолехь дарбанан хIусамехь хиллачу 4-чу веллачуьнан цIе. ПIераскан сарахь Италин прмьер-министро Конти Джузеппес дIахьедар дира, иза шайн махкара журналист Мегалицци Антонио ву аьлла. И стаг хилла Europhonica​ радион Страсбергера корреспондент.

И зулам дина 29 шо долу Страсбургехь вина Шекат Шериф полисхоша вийна, шина дийнахь дIаяьхьначу лерринчу операцехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG