ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Туьканара мобилан телефонаш яьхьна жима стаг лаьцна Соьлж-ГIалахь


ГIура-беттан10-чу буса туька яьхьна хилла Соьлж-ГIалан Старопромыслан кIоштахь. Сихха таллам дIабаьхьначу полицин белхахоша шеко кхоллаелла лаьцна 19 шо долу меттигера вахархо, хаам бо чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийчуьрчу урхаллан зорбанан сервисо.

Полицин декъехь левинчул тIаьхьа цу жимачу стага мукIарло дина къола динарг ша хиларх. Цо бинчу хаамца, ерриг а цу туьканчуьра цо лачкъийна дIаяьхьна хилла 6 телефон.

Карарчу хенахь зулам дар буьззинчу барамехь къастош бу талламхой.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG