Iамеркан Техас штатерчу Форт-Уэрт гIаларчу федералан суьдхочо Цхьаьнатоьхначу Штатийн Конституцица ца догIуш лаьрра «Обамакэр» цIарца девзаш долу "Лазархой ларбарх а, могашалла ларъян аьтто хиларх а" цIе йолу низам, хаам бо "Iамеркан аз" портало.
Цу низамца а догIуш, хIора болх беш волчу Iамеркан вахархочунна, гIуда тохарна кхерам а тосуш, тIедожийнера цомгуш хилахь Iедало гIо дийр долу лоьрийн кехат эцар. Цу кепара Iедал дагахь дара могашалла дика йолчу Iамеркахошкара доккхучу ахчанах цомгуш болчу нахана дарба деш гIо дан.
Республикан партин декъашхой дуьххьар дуьйна дуьхьал бара цу низамна, пачхьалкхан бакъо яц, таIзар дийр ду аьлла кхерам а тесна, нуьцкъала бахархошка цхьаъ эцийта аьлла.
Гарехь, Техасерчу федералан суьдхочо бина сацам къовса мегаш бу Iамеркан Лаккхарчу Кхелехь.
Обама Барака и низам шен боккха кхиам ларара. Республиканхой а, ша президент Трапм Доналд а дIадаккха гIерташ бу «Обамакэр". Iамеркерчу кхелашкахь листа дезаш ду кхин а маситта цу тайпа гIуллакх.