ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Кадыровга а, "питанчашка" а шайна хетарг довзийтина некъахьовзамехь кхелхинчу Джалкерчу доьзалан гергарчу наха


ГIуран-беттан 4-чу дийнахь Соьлж-ГIалахь Шелан кIоштан куьйгалхочо Ибрагимов Турпал-Iелас а, Джалка эвларчу бахархоша а дакъалоцуш некъахьовзам хилла бохуш, социалан машанашкахула даржош дуккха а вочу агIор дуьйцуш къамелаш хиларна, эшам хиллачу агIоно ГIуран-беттан 13-чохь шайга кхайкхинера Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан хьехамча, вевзаш волу динан гIуллакххо Шахидов Адам, хаам бо шен сайта тIехь "Нохчийчоь тахана" агенталло.

Цо яздарехь, цу наха шайн лаам хилар гайтина Нохчийн Республикан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане а, къаьстина "питанчашка" а шайна хетарг ала.

Цу нехан кхайкхам тIехь болу видео арахецна агенталло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG