ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох язлуш ю машенаш дӀахӀиттайойлаш


Шотдийнахь дуьйна Москох язлуш ю мах боккху машенаш дӀахӀиттайойлаш. ГIалин транспортан департаменто бинчу хаамца, уггаре дукха машенаш лелачу урамашкахь дийнахь машен дIахIотторан мах хир бу 380 сом цхьана сохьтехь, хьалха хиллачу 200 соьман мета.

Хийцамаш хьакхалур бу Садовое а, КхоалгIа а го тосучу урамашна юкъахь йолчу территорех. Цигахь машен дIахIоттош мах бала безар бу кIирандийнахь а цхьаьна.

Транспортан департаменто чIагIдарехь, цу гIуллакхо мукъайоккхур ю 15-20% машенаш дIахIиттош йолу меттигаш.

Цу юкъадаккхарна дуьхьал петици кечйина Москох жигархоша. Цунна кIел куьйгаш яздина 150 эзар сов Москох бахархоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG