ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Экстремистийн материалашна юкъатоьхна Авторхановн "Кремлан Импери"  


Авторханов Iабдурахьман а (аьрру агIор), цуьнан накъостий а.1960-гIа шераш. Мюнхен, Германи.
Авторханов Iабдурахьман а (аьрру агIор), цуьнан накъостий а.1960-гIа шераш. Мюнхен, Германи.

Оьрсийчохь экстремистийн материалашна юкъатоьхна нохчийн вевзаш волчу Iилманчо, политикан говзанчо, яздархочо Авторханов Iабдурахьмана язйина "Кремлан Импери" (Империя Кремля. Советский тип колониализма) книга. Цунах лаьцна хаам бина "Сова" центро.

И книга дуьххьара арахецнера Германерчу Гармиш-Партенкирхен гIалахь 1988 шарахь. Советан Пачхьалкхехь (СССР) цунна зорба туьйхира 1990-чу шарахь Вилнюсехь.Ткъа 2001-чу шарахь и болх арахийцира Москох "Дика-М" зорбанан хIусамо.

Экстремистийн материалашна кху беттан 5-чохь юкъатоьхнарш ю Вильнюсехь а, Москох а арахецна книгаш. Кхо шо хьалха 2015-чу шарахь Гезгмашин-беттан 24-чохь цу кепара сацам бинера Москох Мещанан кIоштан кхел.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG