ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хилларг дагалеца ца лаьа Улус-Кертахь хиллачу тIамехь дийна висначу десантхочунна


Нохчийчоь, лаьмнаш. 2000 шо.
Нохчийчоь, лаьмнаш. 2000 шо.

2000-чу шарахь Чиллан-беттан 29-чохь даккхийн дарашца Соьлж-ГIалара арабевллачул тIаьхьа гIело хьоьгуш Ведана агIор дIабоьлхучу нохчийн тIеман командиро Басаев Шемила куьйгалла дечу тIемалоша Улус-Кертана гергахь тIом болийра шайна дуьхьал яьллачу Псковерчу десантхойн ротица.

Официалан версица цу тIамехь вийна 84 Оьрсийчоьнан эпсар а, салти а. 6 стаг чевнаш хиллехь а, дийна виснера. Царах цхьаъ вара Удмуртера эскаре кхайкхина волу могIарера салти Владыкин Евгений.

Оццу официалан версица, 18 шо долчу цунна чов хиллера цу тIамехь, патармаш кхачийна а хиллера цуьнан, ткъа тIемалоша коьртах хIума а тоьхна, велла аьлла витина хиллера иза.

Цу стагаца интервью йина Оьрсийчуьрчу "Звезда" зорбанан хьосто. ХIун дара Улус-Кертана гергахь хилларг аьлла шега хаьттича, Владыкина иштта жоп делла:

"И истори ас ерриг а йийицира эскаран декъан командире, ФСБ а кхайкхира со цкъа, Талламан комитете а кхайкхира масийттаза, кхеле а кхайкхира. Кхечарна хIунда оьшуш ду дерриг а хаа. И тайпа хьал хIоьттина хилла хиларх лаьцна, суна хетарехь, хаа деза. Ткъа дерриг а хаа. ХIунда оьшу иза? Хьуьнарш гайтарх лаьцна дийца деза, Iамо деза, амма сан лаам бац иза хIинца дийца. Дагалеца ца лаьа суна".

2006-чу шарахь Владыкин балха ийцира Орцаллан министраллан декъе. ХIинца иза цӀейойург ву ша вехачу Удмуртерчу Балезино цIе йолчу кIоштан центрехь.

Керланаш баш дIоггара тергонехь латтош вац Владыкин. Телевизоре хьажа баш хан хуьлучух тера а дац цуьнан. Шен доттагIчо аьллера шега, боху Владыкина кхушара Лахьанан-баттахь Оьрсийчоьнан ФСБ-но хьалха вевзаш ца хилла Басаев Шемилан хилла ши тIемало Дудиев Нажмудди а, Донашев ИбраьхIим а дIалаьцна хьокъехь.

"Хазахоьтуьйтуш санна а ду иза, кхеташ доцуш а ду иза", - иштта дешнашца комментарий йина Улус-Кертана гергахь Оьрсийчоьнан эпсарийн тIеман картанашна тIехь 776,0 терахьашца билгалъяьккхинчу лакхенехь хиллачу тIемасадаларехь дакъалаьцначу цу стага.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG