ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Йоккхачу стагана еттарна таIзар дина Нохчийчохь тIом бинчу мозгIарна


Гайтаман сурт.
Гайтаман сурт.

Коми Республикан коьртачу гIалан Сыктывкаран кхело жоьпе озийна Помоздино эвларчу килсехь мозгар хилла отец Дмитрий (Матвеев). Цо йиттина хилла шен лулахочунна, пенсе яха хан йолчу зудчунна. Цунах лаьцна хаам бо БНК хаамийн интернет-агенталло.

Цо яздарехь, килсан хилла мозгIар отец Дмитрий 1998-чу шарахь гIуллакх деш хилла Къилбаседа-Малхбузен тIеман гонехь Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан чоьхьарчу эскарехь. Масийттаза хилла иза Нохчийчохь. ТIамехь хьуьнарш гайтарна орден а ("За службу Отечеству"), 2 мидал а («За верность долгу», «За службу на Кавказе») елла цунна.

Дуккха а шерашкахь ша дов лелочу луларчу йоккхачу стагана тохарна кхело гIуда тоьхна мозгIарна 15 эзар сом барамехь. Кхин а 30 эзар сом даьккхина цуьнгара, зудчунна моралан зен дарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG