ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиев Аюбан гIуллакх листар кхи дIа хьур ду


Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" куьйгалхочунна Титиев Аюбна дуьхьал айдина гIуллакх кхи дIа листа долор ду Шеларчу кхело. Нохчийчуьрчу бакъонашларъярхойн балхана дискредитаци а йина, махкара офис дIакъовлархьама долийна шена дуьхьал гIуллакх аьлла, дIахьедина Титиевс кхелехь.

Хьалхо цуьнан пхеа юьртахочо тоьшалла дира Титиев бакъвеш. Титиев динца лелаш стаг вара, цо цкъа а бат тоьхна яц корта бахочу маларх, наркотикаш ца йийцича а аьллера бакъонашларъярхочун лулахоша.

"Меморилан" куьйгалхочо шегара наркотикаш яьхна бохуш талламчаша чIагIдар, политикан бух тIехь ду аьллера ша Титиевс а, къаноша а тIечIагIдира и дешнаш.

Дечкен-баттахь дуьйна лаьцна латтош ву Титиев, наркотикаш яьхна цуьнгара аьлла, бехке а вина. Бакъонашларъярхочо ша а, цуьнан накъосташа а наркотикаш полисхоша цунна кхийсина лору. Цо бен болх бахьана долуш, политикан бух тIехь долийна хета царна Титиевна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG