ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра кхелхина бахначу гIалгIаша кхайкхамбина Москохе (видео)


1990-чу шарахь Нохчийчуьрчу тIамах бевдда бахначу ГIалгIайчоьнан бахархоша федералан Iедалшка видеокхайкхамбина, шайна хIусамаш йоьхуш. "Сан доьзалшна цхьа меттиг, цхьа лаьттан кIошт, цхьа кибарчиг ца карийна. ХIалаюгIу йохка-эцаран центраш коьрта хета Iедалхошна", - бохуш, латкъамбо видео тIехь цхьаммо, шен цIа лаьттинчу меттигехь йохка- эцаран центр йина хилар билгалдоккхуш.

"ХIокху цхьана шерачохь оха, ца девлла кхелхина дахна долчу, дукха бахьанаш лелийна, орца ца доьхуш цхьа инстанци ца йисина. ХIетте а тхан проблема юьсуш ю", - дуьйцу латкъамхоша.

Ца бевлла шайн хIусамех хаьддачара бахарехь, бIеннашкахь доьзалш бу тховкIело йоцуш бала ловш. Ткъа ГIалгIайчоьнан Iедалхоша шаьш проблема ерзийна аьлла, дIакхайкхийна.

МухIажирийн сингаттамах дукха дийцира федералан дискуссин майданашкахь, 2013-чу шарахь президентна Путин Владимирна хьалха а цхьана хьахийра.

"Со кхетта, бакъдерг аьлча, цигахь хIинца а проблемаш ю аьлла суна ца хетара", - жоп деллера президенто. Ткъа мухIажирийн хаттап диллина ду цул тIаьхьа пхи шо даьлча а.

Кхин цкъа а шайн сингаттамах карладаккха федералан центре кхайкхамбина Нохчийчуьра ГIалгIайчу кхелхина баьхкинчара. Шаьш кийча ду аьлла цара, Москох дIа а дахна, цигахь латта, шайн проблемех йист яккхалц.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG