ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Гюлен Туркойчоьне дIавала дагахь ю Iамерка


Туркойчоьнан президент ЭрдогIан Реджеп а (аьрру агIор), Гюлен ФетхуллахI а (аьтту агIор).
Туркойчоьнан президент ЭрдогIан Реджеп а (аьрру агIор), Гюлен ФетхуллахI а (аьтту агIор).

Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн президенто Трамп Доналда хаамбина туркойн президенте ЭрдогIан Реджепе, Исламан динан юкъаралхочунна Гюлен ФетхуллахIна а, цуьнан цхьа могIа агIончашна а экстрадици ян дагахь ю Вашингтон аьлла. 2016-чу шарахь пачхьалкхехь карчам бан гIортарна бехкебо уьш Туркойчоьно. Ши кIира хьалха Аргентинехь дIаяьхьначу саммитехь хилла цу кепара къамел, хаамбо Reuters агенталле туркойн арахьарчу гIуллакхийн министро Чавушоглу Мевлюта.

Дикка хан ю тIаьххьарчу 20 шерачохь Iамеркехь веха Гюлен Хонкарас дIавоьху. Гюлена тIе ца дуьту шена дохку бехкаш. Тоъал тоьшаллаш дац иза бехкехиларан бохуш, Iамерко дуьхьало еш латтош вара Гюлен дIа ца луш хIинццалц.

Iамеркан Конгрессан векалийн Палатан декъашхочо Паскрелл Билла дийцарехь, Гюлен Туркойчоьне дIавала тарло бохуш, лелачу хабарша тоьшалло до, "Трампан диктаторшка безам" хиларан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG