Цхьана шерачохь оьрсийн-гуьржийн дозанехула контрафактан сурсаташ бIозза дехьаяха гIоьртина аьлла, хаамбина "Кавказ.Реалии" портале ФСБ-н Къилба-ХIирийчоьнан дозанхойн урхалло. Доккхачу декъанна, стоьмаш, минералан а, мерза а хиш, кофе, бедарш, мачаш, къаьркъа, цигаьркаш.
Цул совнах дозанхоша схьайохура революци хилале хьалха лелийна културан мехаллаш - иконаш, киншкаш, ахчанаш, портсигараш, ишта кхи дIа а.
Юкъа-кара гучуюьйлу ювелиран хIумнаш, наркотикаш а. Юккъерчу барамехь 6, 5 миллион соьмана контрабанда схьаяьккхина бахархошкара карара шо доладелчхьана.