ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хашогги верна эла Салман бехкехилар тIе ца дитина Эр-Риядо


Оппозицин журналист Хашогги Джамал верна эла Салман бин Мухьаммад бехке ву аьлла, Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Сенато дехкина бехкаш тIе ца дитина СаIуда Iаьрбийчоьно. Паччахьаллин арахьарчу гIуллакхийн министраллан сайтехь дина цунах дIахьедар. Iамеркан Сенатан резолюци – шайн пачхьалкх Iамерко арахьарчу политикан конфликташна юкъаозор ду аьлла саIудхойн чоьхьарчу гIуллакхийн министарллехь.

Бух боцуш лерина Эр-Риядо а Iамеркан Цхьанатоьхначу Штатийн Сенатан бехкашдахкар. Паччахьаллин министралла тешна ю, карарчу хенахь Вашингтонца ийгIина юкъаметтигаш дIанислург хиларх.

Дахначу пIераскандийнахь саIудхойн журналист Хашогги Джамал верна эла Салман бехкелоруш Iамеркан Цхьанатоьхначу Штаташа резолюци тIеийцира.

ГIадужу-беттан 2-чохь вайра Хашогги Истанбулерчу СаIуда Iаьрбийчоьнан консулаллан декъа тIехь, цул тIаьхьа гина вац иза цхьанна а. Масех кIира даьллачул тIаьхьа Эр-Риядо дIахьедира, Хашогги дийна цахиларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG