ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Каддафи а, Саддам а шен турпалхой бу аьлла нохчийн министро Умаровс


Иракъан а, Ливин а байина президенташ Хьусайн Саддам а, Каддафи Муаммар а шена турпалхой бу аьлла, даржийна Нохчийчуьрчу зорбан министро Умаров Джамбулата.

"Тахана дийна боцчу цу лидерех ас язйинчу постна бухахь йитина комментареш бахьана долуш, суна со декхаре хийтира цхьацца хIуманна шу тIекхион, - яздо министро инстаграмехь. – Cайн турпалхойн, Хьусайн Саддаман а, Каддафи Муаммаран а ишта инзаре чаккхе хилар дацара сан йозанийн коьрта маьIна, со шу кхето гIертара, сан доттагIий, ас буьйцург я бух а, я маьIна а доцуш, царна бина инзаре тешнабехк бу".

Умаров цецвохург ду, цо ша бахарехь, "хьо хьийзош а воццушехь, хьайна кхийдош боккха кхаъ а боццушехь", тешнабехк беш хилар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG