ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Новая газетан" хилла коьрта редактор: Оьрсийчоьнан эскаран буьйранча санна тIеоьцу Кадыров


"Новая газетан" хилла коьрта редактор Муратов Дмитрий
"Новая газетан" хилла коьрта редактор Муратов Дмитрий

Кадыровна а, цуьнан гонна а тIехь цхьа а оьрсийн низам дац алар, тIехдаккхар ца хета "Новая газетан" хиллачу коьртачу редакторна Муратов Дмитрийна.

"Оьрсийчоьнан Iедалхошна Кадыров тIемало, оьрсийн пачхьалкхан гIаролехь лаьттачу доккхачу эскаран хьалханча санна хета, - даржийна Муратовс "Ещенепознер" проектца хиллачу къамелехь. – Юкъараллан цхьана декъан бIаьргашчухула иза оьрсийн армин авангардан буьйранча ву. Иза ишта долуш санна цунах пайда оьцу Кадыровс даим а, гуттар а".

Муратовс карладаккхарехь, 2008-чу шарахь Гуьржийчоьнца хиллачу тIамехь а нохчийн тIемалой бара уггар а коьрта лоруш, ишта нохчийн эскарша дакъалаьцна сепаратистийн агIор Донбассехь а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG