ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Испанера турист кIелхьарваьккхина ГIалгIайчуьрчу бахархоша


ГIалгIайчуьрчу бахархоша шелонехь валарна кIелхьараваьккхина турист. Иза хилла Магадан гIалин йисттехь. Дахначу еарийдийнахь Мовсар а, Ваха а, Аслан а цIераш йолу кегийрхой хилла оцу гIала боьлхуш. Некъайистерчу кафе чохь хIума кхалла дагахь севцина хиллера уьш. Цигахь воьвзина царна вилспетаца Байкала тIе кхача Iалашо йолуш новкъаваьлла Испанера турист Андерсон.

Арахь 25 градус шийла ю бахарх а, цуьнан ойла юхаерзон аьтто ца белла гIалгIайн.

ШолгIачу дийнахь турист лаха тIаьхьа бахана уьш. Церан сагаттадар эрна а ца хилла. Деккъа ло тIе йоьгIначу четар чохь Iуьллуш карийна царна Андерсон, шелоно гIора а вина.

Катоьхна гIаларчу лоьрашна тIе а кхачийна, хьешан-цIийне вигина цара турист. Дахначу кIирандийнахь "Mash" агенталло Iорабаккхалц, кегийчу нехан хьуьнар диссина тидам а боцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG