ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Москох дIалецна хилла гIалгIайн студенташ маьршабаьхна


Оршотдийнахь дIалецна хилла Москохарчу пачхьалхкан Орджоникидзен цIарахчу университетан ГIалгIайчуьра студенташ. 40 вацара дIавигнарг, 20 гIалгIайн дешархо вара, уьш берш маьрша а баьхна аьлла, бакъдина Москохарчу хьакъйолчу структураша.

Маршо Радионо яздира, Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Орджоникидзе Сергон цIарахчу университетан 400 студент дIалацарх Росгвардин эскархоша. Къилбаседа Кавказерчу бахархоша "шайн низамаш" хIиттийна хиллера доьшийлан юкъарIойлехь аьлла URA.RU хьостано Iорабаьккхинера и хаам. Рейдаш дIахьочу юкъанна наркотикаш а, травматикан герз а карийна берашкахь аьлла, яздора хьостано.

ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека и гIуллакх шен тергоне эцнера. ГIалгIайчуьра бераш дIадигина ца Iаш, Къилбаседа Кавказан регионашкара студенташ а дIалецнера Росгвардин эскархоша, хаамбо "Интерфаксо".

"Студенташ дIабигина хила тарло, Таджикистанерчу цхьана дешархочо дина арз бахьана долуш. Цо дIахьединера полисхошка, гIалгIайн студенташа йиттина шена, травматикан герз а тоьхна аьлла", - дийцина Москохарчу ГIалгIайчоьнан векало.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG