ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь яйначу шина йишин гIуллакх юха таллар тIедожийна церан гергарчара


Нохчийчохь яйначу шина йишин гергарчара церан гIуллакх таллар карладаккха аьлла, тIедожийна. Куьршаларчу Айдамирова Элитас дийцина, 2013-чу шарахь шен ши йиша ярах. Цо бахарехь, гIуллакх таллар масийттазза юкъахдаьккхира, ткъа гергарчарна кхерамаш тийсинера.

"Кавказан узел" агенталлан хаамашца, АйдамировгIеран ши йиша яйра, хIинца а къастанза долчу бахьанашца Куьршалан кIоштарчу Гелдганахь 2013-чу шеран Стигалкъекъа-беттан 9-чохь. 23 шо долу Зарган а, 25 шо долу Сацита а болх беш хиллера цхьаннан доларчу машенаш юьлучу меттигехь. Циггахь Iер-дахар а хиллера цу шиннан. И шиъ яйначул тIаьхьа машенаш юьлучу чохь цIийн лараш карийнера. Долахо дIалаьцнера хIетахь, амма АйдамировгIарах хиллачух информаци хаа таро ца хиллера.

Яйначу шиннан йоккхахйолчу йишас Айдамирова Элитас дийцина "Кавказан узел" агенталлан корреспонденте, шен йижарийн гIуллакх цкъа талла а долийна, масийттазза юкъахдаккхарх.

Цул тIаьхьа шина йоьIан нанас Магиева Заманис орца дийхира бакъонашларъяран организацешка, ишта "Къизаллашна дуьхьалояран комитете" а. ТIаккха кхерамаш тийса буьлабелира царна. Кхеран вешина а йиттина хиллера полисхоша, йижарийн цIий хьайна тIелаца бохуш", -дийцина Элитас.

Ишта цо бахарехь, Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире а цхьана орца дехнера доьзало. Шаьш талламаш дIахьош а ду, ши йоI ярна бехкеберш цкъачунна гучубаха аьтто бац шайн, нагахь цхьа информаци шайна тусалахь, шуьга хаамбийр бу аьлла жоп дайитина АйдамировгIаьрга Куьршаларчу полисхойн декъо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG