ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь некъан бохамехь велла 1 стаг, лазийна 10


Махкарчу зорбанаша бечу хаамашца, тIаьххьарчу цхьана дийнахь хиллачу некъан хьовзамашкахь цхьа стаг велла, иттанна чевнаш йина. "Кавказ" федералан некъа тIехь вовшахкхетта "ВАЗ-21074" а, "Хендай Солярис" машен а. "ВАЗ-21074" автомобилан урахалла дийриг велла оцу сохьта.

Цхьана хилла 2 пассажир а, вукху машенан долахо а, цуьнца чохь хилларш а дарбан цIийне кхачийна.

Оццу хенахь Гермчигахь вовшахкхетта "ВАЗ-2114" а, "ВАЗ-2170" а машенаш. 4 стаг дарбан цIийне кхачийна лазаршца оца машенаш чохь хилла. Некъан инцидентех талламаш болийна полисхоша.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG