Карара шо доладелчхьана дуьненчохь мел лахара а 80 журналист вийна, церан профессионалан декхарш бахьана долуш. Шинаридийнахь дуьненаюкъарчу "Доза доцу репортераш" бакъонашларъяран организацино Iорадаьккхина царех тептар. ОвIанистанехь вийна 15, Шемахь 11, Мексикехь 9, Йеменехь 8, ХIиндойчохь 6.
Бакъонашларъярхоша билгалдаккхарехь, тIеман конфликт йоцчу Мексикехь алсам бу байина журналисташ. ТIемаш лаьттачу зонашкахь 2018-чу шеран 11 баттахь вийнарг ву 44 журналист. Цул совнах, дуьненчуьра 348 журналист ву карарчу хенахь лаьцна латтош.
Журналисташ Iалашбечу дуьненаюкъарчу Комитетан зерашца, пачхьалкхан набахтешкахь 250 дуьненчуьра репортер латто кхолгIа шо а ду, шайлахь 33 зуда а йолуш.
Iамеркан Time журналан версица, 2018-чу шеран "Человек года" номинацехь билгалъяьккина журналистийн тоба. Доьналлица шайн репортеран декхарш кхочушдарца совгIаташ кхачийна царна. Ву царлахь вийна саIудхойн журналист Хашогги Джамал а, Мьянмехь лецна Reuters агенталлан журналисташ а, тIелатар дина The Сapital Gazette газетан редакци а, чохь латтош йолу филиппинхо Ресса Мария а, кIелойина "Эхо Москвы" радиостанцин коьртачу редакторан гIовс Фельгенгауэр Татьяна а, ишта кхи дIа берш а.