ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Эскарехь 4 теракт юкъахдаккхарх хааамбина ФСБ-но


Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша тIаьххьарчу пхеа шерачохь эскархошна дуьхьал хьажийна диъ теракт юкъахдаьккхина. ТАСС агенталле бина и хаам оьрсийн тIеман иччархойн департаментан куьйгалхочо, инарла-полковнико Юрьев Николайс.

Ишта оцу муьрехь ФСБ-но юхатоьхна 6 терроран зулам, дIалецна экстремистийн а, террорхойн а тобанаш а. Юрьевс билгалдаккхарехь, бакъо йоцуш лелош хилла 2 эзар сов герз а, тIеман гIирс а баьккхина бахархошкара.

Кху беттан юккъерчу дийнахь къайлахчу сервисийн куьйгалхочо Бортников Александра хааме даьккхира, карарчу шарахь 37 террорхойн маша бохийна шаьш аьлла. Цо дийцарехь, Дагестанехь а, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а, Ставрополан кIоштахь а теракташ дан Iалашо хиллера церан.

Оцу юкъанна вийна 10 зуламхойн тобанийн хьалханча, дIалецира кхин а 36.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG