ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Титиев Аюбна тIехIоьттина Гребенщиков Борис


Артист Гребенщиков Борис
Артист Гребенщиков Борис

Amnesty International организацица юкъаметтигаш лелочу оьрсийн иллиалархочо Гребенщиков Бориса дIахьедина, Нохчийчохь кхел ечу Титиев Аюбна ша гIо лоцуш хиларх. Бакъонашларъяран "Мемориал" центро бина и хаам шинаридийнахь.

Маршо Радионо яздира шен агIонашкахь, наркотикаш лелош хилла аьлла, бехке а вина, Дечкен-баттахь дуьйнна чохь латточу Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" офисан куьгалхочух Титиев Аюбах лаьцна. Титиевс шена дохку бехкаш тIе ца дуьту, наркотикаш полисхоша шена тесна ю боху цо.

"Мемориало" зорбане даьккхина, Amnesty International организацин логотип а, Титиевн сурт а тIехь долу кехат карахь Гребенщиковн сурт. Телеграм-канале даьккхинчу вукху сурт тIехь зорба тоьхна артистан текстна. "Ницкъ а, собар а лойла хьуна! Тхо хьоьца ду. Серлоно даим а эшабо бода. Дала Iалашвойла хьо. Г.Б", - аьлла, яздина иллиалархочо ша бакъонашларъярхочуьнга бинчу кхайкхамехь.

Карладоккху, 2004-чу шарера схьа ву Гребенщиков Борис Amnesty International организацица юкъарлонаш лелош.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG