ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Къаьмнашна депортаци яр къобалдечарна гIуданаш деттар ду


Репрессеш лайначу къаьмнийн реабилитаци ярна дуьхьалоярца агитаци а, пропаганда а ярна 3 эзарна тIера 50 эзар соьме кхаччалц гIуда тохар хьехна Оьрсийчоьнан пачхьалкхан Думан къаьмнийн гIуллакхашкахула йолчу комитетан куьйгалхочун гIовса Бальбек Руслана. Russia Today агенталло бина и хаам, "Единая Россия" партин экспертан кхеташоне дийцаредан чуделлачу кехатийн копеш шайн редакцин карахь хилар билгалдоккхуш.

Депутато Бальбека дийцарехь, цу кепара низам юкъадаккха оьшу, цхьадолчу зорбанаша а, интернетехь а жигараллица яржош видеороликаш а, артиклаш а хиларна, Кавказан къаьмнаш бехкедеш даймехкан тIом боьдучу заманчохь пачхьалкхна ямарт бевлла уьш бохуш.

"ХIора къоман исторехь ду ямартбевллачу нахах тоьшаллаш, амма доллу къам бехкедар тидамза дита йиш яц, цо къаьмнашна юкъахь мостагIалла марсадоккху", - аьлла Бальбека.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG