ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Боск-Лякуран совгIат дина Францехь нохчийн кIантана


Джамалханов Джабраил а, хьеший а
Джамалханов Джабраил а, хьеший а

Францин Тулузерчу Жань-Альфанан школехь доьшучу Джамалханов Жабраилна кху шеран дуьххьара Боск-Лякуран совгIатдина. 500 евро лур ду дешархочунна. Дешарца а, леларца а кхиамца чекхдевллачу берашна дIасадоькъу и преми. ТIедогIучу керлачу дешаран шарахь доьзале кхи а тIехдика кечам байтархьама гIоьнна луш а лору и ахча.

Тулузан мэри юкъахь а йолуш, хIоттийна церемони дIаяьхьира гIалин тоьллачу Капитолиян гIишло чохь.

"Ас болх бечу юкъанна суна гина дац Жабраил санна маса дешарна тIекхуьу бер. Дукха хан яц иза Нохчийчуьра схьавеана, францхойн маттахь деша а, яздан а Iемира иза. Ткъа масех баттахь дуккха а гена ваьлла воьду иза мотт бийцарехь. Шо доладеллачу заманчохь еша а ца хаьра цунна, амма масех кIира даьллачул тIаьхьа баккхий кхиамаш гайтира цо шен хааршца", - аьлла Контиваль Гиййома.

Школа чекхъяьккхинчул тIаьхьа архитектор хила лаам бу Жабраилан. Къилба Тулузерчу дешаран министраллан инспектор а, меттигерчу парламентан депутаташ а баьхкинера Джамалханов декъалван.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG