ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан кхело юха а дуьхьало йина Муртазалиева Зараъна


2004-чу шарахь террорхойн тIелатар дан кечам беш яра аьлла, бехке а йина, бархI шой ах шой хан набатехь яьккхинчу Муртазалиева Зараа Оьрсийчохь шен довхаттар нийсонца хилла дац аьлла, чуеллачу искна юха а тIе ца тайна Европерчу адамийн бакъонийн кхел (ЕСПЧ). Дуьххьара арз дара иза ЕСПЧ-но жоп а ца делла, Муртазалиеван дехарца Йоккхачу Палатано юхалиста тIелаьцначех. Оьрсийчоьнан кхелаша Европан конвенцин низамаш дохийна меттиг ца го шайна аьлла, жоп делла кхелахоша.

Оьрсийчохь шена тIехь йинчу кхелехь хилла цхьа могIа кхачамбацаршна тIе тидам а бохуьйтуш, Страсбургерчу кхеле латкъам бинера Муртазалиевас масех шо хьалха. 2017-чу шеран Стигалкъекъа-баттахь Европерчу кхело юхатеттира и латкъам. Бахьана – кхелахойх дукхахболчарна Муртазалиеван бакъонаш оьрсийн кхело йохийна аьлла ца хетар.

Латкъамхочун адвоката Коротеев Кирилла кху шеран Чиллан-баттахь Европерчу кхелан Йоккхачу палате керла арз хьажийнера юха талла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG