ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Шен могушалла эшна, цIе ца йоккху лазар кхеттачух тера а ду аьлла, кехат даржийна Клыха


Украинан политикан тутмакх Клых Станислав
Украинан политикан тутмакх Клых Станислав

Оьрсийчоьнан набахтехь латточу Украинерчу политикан тутмакхо Клых Станислава кехат даийтина шегарчу чолхечу хьолах хоуьйтуш. Хетарехь, цIе ца йоккху лазар хьакхаделла шех аьлла цо. Фейсбукерчу шен пена тIехь Iорадаьккхина цуьнгара деана кехат оьрсийн жигархочо Рябикова Марияс.

"Шегахь вон хьал ду боху цо, меженаш яхкалучух тера ду, шеконаш ю шен боху цо цIе ца йоккху цамгар а шех кхеттачух", - хаамбо Рябиковас.

Клыхна шегарчу хьолах даржо лаьа, Керлачу шеран юьххьехь ша кхечу тутмакхашца хуьйцур ву аьлла дегайовхо а ю цуьнан, жигархочо дийцарехь. Юха а мацалла кхайкхо дагахь ву Клых.

Ишта яздо тутмакхо, Челябинскерчу дарбан цIийне ша дехьавоккхуш хиларх а.

Нохчийчуьрчу Лакхарчу кхело 2016-чу шарахь 22, 5 шой набахтехь даккха кхайкхийра украинхочунна Клых Станиславна. Стохка гурахь дуьйнна психиатрин дарбан хIусамехь латтош вара иза Магнитогорскехь.

Иза бехкево, Нохчийчохь тIемаш барна а, оьрсийн эскархой байарна а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG