ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Венехь йоI йийнарг могуш ца хилла аьлла психиатро


ЙоI яьхначу уьйтIахь хIоттийна хIоллам
ЙоI яьхначу уьйтIахь хIоттийна хIоллам

Венехь 7 шо долу нохчийн йоI Хадижат йийна К. Роберт кхетамчуьра ваьлла лерина, цуьнан могушаллина таллам бинчу психиатро Герстло Вернера. Бехкевечуьнца дуккха а къамелаш дина психиатро. Ша дечу зуламан духе кхуьуш ца хилла Роберт, хIунда аьлча, шизофрени олу лазар хилла цуьнца. ЙоIана тIе цо куьг дахьале хьалха а жимчу стеган могушаллица проблемаш хилар тидамза дуьсур дацара говзанчийн. Амма лоьрашкара кIентан дас-нанас гIо ца дехарна, тергамза висина хилла иза аьлла Герстлос.

Кхечу лоьро-психиатро Хоффманн Петера бинчу талламашца дуьстича, бIостане нисло Робертан могушаллех тIеэцна вердикт. Шизофрени токхуш ву и кIант, амма ша йоI юьйчу дийнахь дечух дика кхеташ хилла иза аьллера цо.

Кхаридийнахь Венерчу кхелехь процесс кхи дIа хьош ю, ша йийна лулара йоI аьлла, мукIарло динчу К. Робертан.

Кху беттан 19-чохь 8 шо кхочур дара Хадижатан.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG