Талламан комитете Москохарчу полисхошна дуьхьал арз кечдеш бу ГIалгIайчуьра бахархой. Цхьа иск ницкъаллийн структурашка дIакхачийна цара хIинцале. Студентийн юкъарчу хIусамехь дIалоьцучу хенахь йиттинера царна дахначу оршотдийнахь. Цу дийнахь дIалаьцнарг 40 жимстаг хиллехь а, адвокате Хашиев Алихане дIаделлачу кехатна куьгяздинарг 13 ГIалгIайчоьнан вахархо бен вац. Жоьпалле озабар доьху цара полисхой.
Хашиевс бахарехь, шайн йолчу бакъонел а тIехбевлла, харцонаш лелийна полисхоша кегийрхошца. Ишта цо чIагIдарехь, лецначарна йиттина билгалонаш а хилла церан догIмаш тIехь. Адвоката дийцарехь, лецначаьрца хиллачу Хашиев Заурна дукха хан йоццуш бIаьргана операци йина хилла, и хуъушехь, полисхоша бетах йиттина цунна.
Маршо Радионо ма-яздарра, цу дийннахь берш дIахецна а хиллера уьш.