ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ДаIишхошна ахча латтош хилла аьлла, тоба лаьцна ФСБ-но (видео)


Террорхошна ахчанца гIо латтош хилла аьлла, шеконашца ворхI стаг дIалаьцна Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисаша. Банкан карташкахула 39 миллион сом дехьадаьккхина цара Шемахь тIемаш бечу "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн чоьта тIе, хаамбина Талламан комитето. Москох а, ГIалгIайчохь а, Дагестанехь а, Нохчийчохь а уьш бехачу хIусамашкахь банкан карташ а, информаци дIакхачон техникан гIирс а, экстремистийн литература а, кхийолу атрибутика а карийна. Уьш дIалоьцуш яьккхина видео Iораяьккхина Талламан комитето.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG