ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Машенашца курхаллаш лелийначу йоккхачу тобанна тIехь кхел йолийна Москох


Масех шарахь Подмосковьехь машенашца курхаллаш, хьарамлонаш лелийначу тобанна тIехь кхелан процесс йолийна кхааридийнахь Балашихехь. 30 стаг хилла оцу тобанах дIакхетта. Царех кхаанна хенаш кхайкхийна. Кхин а 9 лехамашкахь ву. Кхеле хIоттийнарг 18 стаг ву.

"Талламчийн хьесапашца, 2015-2016-чу а шерашкахь оцу зуламан тобано керла эцна езачух машенаш лечкъош хилла, - дуьйцу Талламан комитетан официалан векало Петренко Светланас. - Москохан кIоштарчу автосалонашкахь а, лизинган компанешкара а машенаш кредитца схьа а оьцуш, харц фирманийн дола йохуш хилла цара. ТIаьхьа и машенаш кхечу пачхьалкхашкарчу бахархошна дIаюхкуш хилла цара, дозанал ара а йохуш. 40 миллион соьмана зенаш дина цара".

Бехкебечух цхьаннан телефон чохь видео карийна полисхошна. Салман цIе йолчу жимчу стага шен юьртахочуьнга аудиохаам бахьийтина хилла, ша Москох даккхий ахчанаш доху бохуш, дозаллаш деш. Талламчашна хетарехь, оцу кепашца керла нах юкъауьйзуш хилла цара шайн тобанна.

"Комсомольская правда" газетан хаамашца, Нохчийчуьра а, ишта Къилбаседа Кавказерчу мехкашкара а кегийрхой хилла цу тобанехь.

Талламан комитетан векало Петренкос даредарца, жоьпе озийначарлахь некъан полисхо лаьттина шиъ а ву, ишта лизинган компанйн 4 белхахо а. Бехкаш тIечIагIбахь, 20 шаре кхаччалц хенаш йогIу царна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG