Шела кIоштан администрацин куьйгалхочун, Кадыров Рамзанан шичин Ибрагимов Турпал-Iелин карах кхо адам а дуьйш, некъан хьовзам хиллачул тIаьхьа низамаш ца лардечарна дуьхьал луьра таIзарш даха деза аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан урхалхочо Кадыров Рамзана. Маршо Радионо яздира, карарчу беттан юххьехь хиллачу некъан инцидентна тIе тергояхийтар дехарх Кадыровга бахархоша.
Шинарийдийнахь кхеташо дIаяьхьира республикан урхалхочо некъан низамаш лардан дезарх а, адамаш гулделлачохь цIеяларан кхерамзалла лакхаяккхарх а дуьйцуш. Парламентан спикер Даудов Мохьмад а, вице-премьер Тумхаджиев Iийса а, Соьлжа-ГIалин мэр Закриев Якъуб а, некъан полицин урхалхо Черхигов Идрис а вара куьйгалхочуьнца хиллачу цхьанакхетарехь.
"Оьрсийчоьнан кхечу регионашкарчу хьолаца дуьстича, вайн некъаш тIехь кхерамзалла лаккхара ю",- аьлла Даудовс.
Некъан низамаш, бакъонаш хьоьшучарна дуьхьал луьра таIзарш даха деза аьлла. тIедожийна Кадыровс. Шайн ледарлонна, жоьпазалла тIехь дацарца кхерам бохьу цара адамашна. "Профилактикан болх карлабаккха беза машенашлелорхошца. ХIоранна хаа деза, шена тIехь доккха жоьпалла дуй а, некъа тIехь ша сема хила везий а", - аьллачу Кадыровн дешнаш даладо "Чечня Сегодня" агенталло.
Дал этто бойла вайн массарнаъ
Тумсо борз араяьлла хьуьнчохь, ларлолаш чаг1алкхаш!
Шен адамех тера йоцучу муц1урна т1е тилла еза цо ник1аб, чадра, гали а. Религино кхоьссина, юхадахийтина ночхчий къам. Школаш, университеташ, дарбан ц1ийнаш ца дехкина, маьждигаш, хафизийн (маь1на доцуш, деккъа дагахь 1аморан) школаш а ехкина. Я метишканийн куьцехь бу, я 1аьржа къийгийн куьцехь бу - оьзда духар лелон меттиг йиса а йисиний те?