ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Оьрсийчоьнан футболан организацин президент волчуьра дIаваьлла Мутко, Кадыровс шегара бехк баьккхича


Оьрсийчоьнан футболан юкъараллан президентан (РФС) дарж охьадиллина Мутко Виталийс. Организацин комитетан кхеташонехь бина и хаам. Керла президент хоржур ву карадогIучу шарахь Чиллан-беттан 22-чохь. ХIетталц президентан декхарш кхочушдийр ду Прядкин Сергейс, дуьйцу Чемпионат.com хьостано.

ГIадужу-баттахь дийца даьккхира Мутко кхи дIа а цу даржехь вуьсур ву бохуш. 2005-чу шарера 2009-чу шаре кхаччалц а, цул тIаьхьа 2015-чу шарера 2017 шеран ГIуран бутт тIекхаччалц вара иза президент.

Социалан машанашкахь видео яьржира, Нохчийчонан куьйгалхочо Кадыров Рамзана бехкбоккхуш Оьрсийчоьнан вице-премьер волчу Мутко Виталийгара. Бахьана дара - Соьлжа-ГIалин 200 шо кхочуш хIоттийначу бараме иза цавар.

Нохчийчоьнан коьртачу шахьаран 200 шо кхачар даздар Оьрсийчоьнан президенто тIечIагIдина дара, вице-премьер Мутко Виталий оргкомитетан куьйгалле а хIоттош. ХIетте а хIоттийначу тойне ца веана ша Мутко аьлла, шен резавацар дIахаийтинера Кадыровс.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG