ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийн 7 шо долу йоI йийначу кIентан довхатта долийна Венехь


Йийначу йоьIан доьзало лаьцна адвокат а, Хадижатан нана а
Йийначу йоьIан доьзало лаьцна адвокат а, Хадижатан нана а

Венехь лулара йоI йийна аьлла, бехкевинчу К. Робертан кхелан процесс йолаелла аьлла, хаамбо "Кавказ.Реалиин" корреспонденто. Леринчу полисхойн декъан белхахоша гоне а верзийна, гIагIанца чIагIдина духар а долуш кхеле хIоьттина вара ша кIант. Цунна тIелатар дарна кхоьру Iедалхой.

ВорхI шо долу йоI ша йийна аьлла, тIелаьцна Роберта. Цо ма-дарра охьадийцина, Стигалкъекъа-беттан 11 чохь хиллачух. Цо бахарехь, Хадижат са чохь яцара, лулара Рафаэль цIе йолу кIант хIара волчу хьошалгIа веача. Хиллачух кхетта иза, кхеравеллера.

"Иза метта а валийна, нехаш кхуьйсучу яьшки чу дIадехьира ас йоьIан дакъа. Цул тIаьхьа Рафаэль "Макдоналдсе" вигира ас",- аьлла, дийцина Роберта.

Кхелан психиатр Хофманн Петер а вистхилира суьдехь. Шизофреница ву Роберт, амма ша зулам дечу заманчохь кхетам чохь хилла иза аьлла цо. Йийначу йоьIан доьзало лаьцначу адвокато Руст Николауса аьлла: "Коьрта дац, тахана муьлхачу хьолехь ву бехкевийриг. Коьрта ду, йоI юьйчу дийнахь муха вара иза".

Робертан бехк хилар тIе а чIагIдина, цунна уггар а луьра таIзар хилийта хьовсур ду тхо аьлла адвокато.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG