ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчуьра 60 стаг дIалаьцна Москох (видео)


Кхаарин Iуьйранна Алтуфьевн шоссе тIехь йолчу юкъарчу хIусаме баьхкинчу полисхоша дIабигина 60 гергга Нохчийчуьра бахархой. Лианозоверчу полицин декъе кхачийнера уьш. ДIалецначех йолчу Аушева Мадинас телефон тоьхнера "Кавках.Реалии" портале. Цо дийцарехь, массаьргара а пIелгийн таммагIаш дIаэцна, "Москох бехаш хиларан" бахьанаш кехат тIе охьа а яздайтина.

"Тхоьга цхьанга а ца дийцина тхо дIадигаран бахьанаш. Делкъанна кхо сахьт долучу заманчохь кхо стаг бен маьрша а ца ваьккхина", - аьлла бара тIаьххьара цо бина хаам. "Кавказ.Реалиис" телефон тоьхча Москохарчу полисхойн декъехь ца дийцина бераш дIалецарх.

Буьйцурш студенташ бац. Билгалъяьккхинчу хIусамехь бехарш гIишлошъярехь а, базаршкахь а белхаш бан баьхкина нах бу. Цу чохь буьйса йоккхург 200 сом мах ло цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG