ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьра хьаькамаша а, банкан белхахоша 335 миллион сом къайладаьккхина


Субсидишца а, ахчан компенсацешца а курхаллаш лелийначу ГIалгIайчуьрчу масех министраллан урхалхочун а, ишта регионерчу банкан хилла белхахойн а гIуллакх кхеле листа дIахьажийна аьлла, хаамбина полицино. Банкехь харц чоьташ схьа а йиллина, церан цIарах ахчанаш дехьадохуш хилла цара субсидешна а, коммуналан хьаштех бахархоша шайга дIакхачийна.

2012-чу ушарера 2014-чу шаре кхаччалц хьаькамаша а, банкан белхахоша лачкъийна 335 миллион сом ахча.

Оцу бехкзуламан гIуллакхан хьокъехь маса стаг дIалаьцна а, муьлхачу министраллан урхалхой бу а дуьйцуш дац зорбанашкахь. Бехктакхаман 159-чу артиклца гIуллакх долийна, Магасан кхеле кхи дIа листа дIакхачийна. Бехк тIечIагIбахь итт шераш кхачор ду царна набахтехь даккха.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG