ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Мисарахь лецна латтийна дагестанхой Туркойчохь бу


Мисаран ницкъахоша кху шеран Зазадоккхучу-баттахь дуьйнна Каирехь лецна латтийна Дагестанерчу Гимры эвлара бахархой Туркойчу дехьабевлла аьлла, дийцина "Кавказ.Реалии" портале царех цхьахволчун гергарчо. "Делан къинхетам бу, уьш массо а Туркойчохь хилар. Къаной Дагестанехь бу", - хаамбина цо.

Цо бахарехь, Гимрыхь бисина баккхий нах маьрша буьту къайлахчу сервисаша. Каирехь Дагестанан 17 вахархо дIалецира карарчу шеран бIаьста Мисаран къайлахчу сервисаша. Аэропортерчу "Матар Кадим" депортацин центрехь латтийра уьш. Цул тIаьхьа Оьрсийчу дIахьовсийра.

Лецначарлахь яра 2015-чу шарахь вийначу "Имарат Кавказа" тобан лидерх йисина Байсултанова Меседа а.

Комментареш

New Comments Available

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG