ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Симферополехь летта нохчий а, гIезалой а (видео)


Нохчий а, гIезалой а Симферополехь летарх хаам Iорабаьккхина зорбанашкахь. Уьрсаш а, бейсболан гIожмаш а, кхиболу гIирсаш а лелийна цара латарехь. Летаршкахь лазийнарш а бу.

Кхаарин сарахь хилла ю и инцидент, яздо "ДС" хьостано, ATR телеканалан информацех пайда а оьцуш. "Зенаш дина шинна. Карарчу хенахь гIуллакх толлуш ду, бехкенаш дIа а лоьцуш", - аьлла, дийцина ГIирмерчу чоьхьарчу гIуллакхийн пресс-гIуллакххоша.

"Примечания" хьостано яздарехь, конфликт иккхина ГIирмерчу гIезалошна а, нохчашна а юкъахь. Уьрсан чевнаш йина цхьаъ дарбан цIийне кхачийна, дахарна кхерамечу хьолехь вац иза.

"Гарначук - нетолерантное" паблико Телеграм-каналехь яздо, латаршна бехке Думан депутат Бальбек Руслан ву бохуш.

"Бальбека а, цуьнан тобано а тховса буса урс хьаькхна ГIирмехь волчу Нохчийчоьнан векална а, цуьнан кIантана а, белхалочунна а. Кхоъ реанимацехь ву. Оцу хиллачунна тIехь урхалла деш вара Русланан ваша Крымбариев Тимур", -чIагIдо цо.

Сурсатех цхьана бизнесхочо дIацаделла ахча бахьана долуш иккхина ду и дов, дуьйцу цхьадолчу зорбанаша.

Бальбек Руслана цхьана а кепара комментари ца йитина цкъачунна хиллачух.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG