ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Нохчийчохь хIаллакхила Псковера десантхой шен турпалхой бу аьлла Путина


Йоьдучу пресс-конференцехь президенто Путин Владимира хьахийна 2000-чу шарахь Нохчийчохь хIаллакйина Псковера 6-гIа рота. Кегийрхойх а, рэперех а жоьпаш луш хилла иза. Шен харжамийн кампани юкъахь рэпер Тимати вара, иза дика адам хета шена аьлла президенто. Амма бакъболу турпалхой бу, цунна хетарехь. Псковера десантхой.

"Ши эзар гIаттамхочунна дуьхьал тIом бина 96 жимчу стага. Царех дийна висира 6. Шина дийнахь дуьхьало латтийра цара, эххар а белашца тIаме а бевлла. Уьш бу-кх турпалхой!", - аьллачу Путинан дешнаш даладо "Московский комсомолец" газетано.

2000-чу шарахь Оьрсийчоьнан тIеман картанашна тIехь 776 аьлла билгалъяьккхинчу лакхенехь Басаев Шемилан а, Хаттабан а тIеман тобанашна дуьхьалбевллера Псковерчу десантхойн 6-чу ротера эскархой. Хиллачу тIамехь царах 86 стаг вийра нохчийн тIемалоша. Дийна висинера 6 эскархо.

Иза вуно доккха хуьнар гайтар лоруш ду Оьрсийчохь. Стохка Улус-Кертана гергахь хIоллам хIоттийра, цу десантхошна хьажийна, Нохчийчуьрчу Iедалша дакъа а лоцуш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG