ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

РогIера шен зорбанан конференци дIаяьхьна Путина


Путинан Владимиран 14-гIа зорбанан конференци.
Путинан Владимиран 14-гIа зорбанан конференци.

РогIера хIора шарахь хуьлуш йолу шен зорбанан конференци дIаяьхьна еарин дийнахь Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира. Иза яра 14-гIа цу кепара мероприяти, яздо Марш Радион Оьрсийн сервисо. Путина уьш дIахьош ю 2001-чу шарахь дуьйна. Иза доьазза юкъахвелира царна - кхузза Медведев Дмитрий президент волуш а, кхин цкъа 2005-чу шарахь а.

“Открытые медиа” сайто бинчу талламца, зорбанан конференци вовшахтухуш Оьрсийчоьнан бюджетера дайина 60,6 миллион сом. Цуьнан доккхаха долу дакъа хьажийна декорацеш ярна. 2 миллион 400 эзар сом дайина аккредитаци йина 1702 журналист кхачанца вузош – оццул дукха журналисташ цкъа а хилла бацара Путинан зорбанан конференцехь.

2001-чу шарахь хиллачу Путинан 1-чу зорбанан конференцехь дакъалоцуш вара 400 журналист. 1 сохьтехь 35 минотехь уьш кхиира 22 хаттар дала.

Иза уггаре йоца зорбанан конференци яра цу тайпачу мероприятешна юкъахь. 2002-чу шарахь дуьйна Путина прессица тIекIере яр цкъа а ца хилира 2 сахьтал а лахара. Ткъа 2004-чу шарахь дуьйна – кхаа сахьтал а лахара.

Путинан зорбанан конференци яхъяларан рекорд хIоттийра 2008-чу шарахь – 4 сахьт 40 минот. Оцу дийнахь Путине 80 журналисто делира 106 хаттар.

2008-гIа шо тIекхаччалц Путинан зорбанан конференцеш хилара Кремлехь, ткъа 2012-чу шарахь дуьйна цу хьашташна бигалдаьккхинарг дара Дуьненаюкъара махбаран цIа. Кху шарахь цуьнан арендех даларан мах бара 16 гергга миллион сом.

ДӀахӀоьттинчу ламастаца, зорбанан конференцин декъашхой Путинан зорбанан секретаран Песков Дмитрийн тидам шайна тIебахийта гIерташ хуьлу цхьацца плакаташца а, башха духаршца а.

Кху шарахь Кремлан администрацино дехар динера жуналисташка плакаташ дан оьшуш дац аьлла. Амма могIарера а, ша тайпа а духарш доьхна нах дукха бу Дуьненаюкъара махбаран цIийнехь бохуш, яздора цу мероприятехь дакъалоцуш волчу Маршо Радион корреспонденто.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG