Европан Кхерамзаллехула а, Юкъарлонашкахула а йолчу Кхеташонан (OSCE) 16 пачхьалкхан векалша Оьрсийчоьне кхайкхамбина, Нохчийчохь адамийн бакъонаш хьоьшуш хилар талла аьлла. "Москох кхоьллинчу механизмо" юкъахь вовшахтоьхначу рапортехь яздо, Оьрсийчоьно терго латто еза Нохчийчоьнан Iедалша а, ницкъаллийн структураша а адамийн бакъонаш Iалашъярехь аьлла.
ОБСЕ-но бинчу талламаша тIечIагIдина, Нохчийчохь кест-кеста бакъо йоцуш нах лоьцуш хилар а, ишта царна тIехь Iазапаш латтош хилар а, ишта республикехь "къайлах набахтеш" хилар а, кхел йоцуш нах байар а. Доккхачу декъанна, яздо бакъонашларъярхоша, ницкъбо ЛГБТ-н векалшна а, юристашна а, йозуш йоцчу хаамийн гIирсашна а, могIарерчу бахархошна а. Цул сов, боху рапорто, Нохчийчохь дина зуламаш толлуш а дац, хIунда аьлча, республика "къепе ца талхийтархьама, ша-тайпа, хьееш йоцу режим санна латтош ю Iедало".
ДIахьедар динчара кхойкху Оьрсийчоь "Нохчийчоьнан Iедалхоша ЛГБТ-н векалшна дуьхьал лелочу харцонна тIехь а, стохка Дечкен-баттахь кхел йоцуш вийначу 27 стагах а талламбаре". Иштта тIедожийна, наркотикаш яьхна цуьнгара аьлла, бехкевина, чохь латтон Соьлжа-ГIаларчу "Мемориалан" офисан куьйгалхо Титиев Аюб закъалтах схьахецар а.
Маршо Радионо яздира, Европехь кхерамзаллан а, цхьаьнакъахьегаран а вовшахтохаралло толлур долуш ду, Нохчийчохь кIоршаме адамийн бакъонаш талхош хиларх аьлла. Цунах лаьцна дIахьедар динера журналисташна хьалха брифинг дIахьош Москох волчу Iамеркан Пачхьалкхан департаментан векалан гIавса Палладино Роберта.
Цо билгалдаьккхинера, Iамерка а, кхин йолу ОБСЕ-на юкъайогIу пачхьалкхаш а масийттоза гIоьртина хилар Оьрсийчоьнан Федерацина Iаткъам бан "Нохчийчохь, йина кхел а йоцуш, адамаш дайарх а, царна тIехь Iазап латторах а, цхьа а бахьана а доцуш, адамаш лецарх а, кхин долу а зуламаш дарх а, низамаш дохорах а лаьцна болу хаамаш таллийта гIерташ".
Юьхьанца дуьйна емалйира ОБСЕ-н инициатива Москоха. "Коммерсант" газетано яздарехь, еаридийнахь ОБСЕ-н къевлинчу кхеташонехь Оьрсийчоьнан векало Лукашевич Александра дIахьедира, документ тешамазчу хьостийн бух тIехь хIоттийна ду аьлла. Ткъа Титиев Аюбах лаьцна дина дIахьедар, дипломато бахарехь, "оьрсийн кхелан органашна тIеIаткъам бан гIортар ду".