ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Дагестанехь вийначу шина кIентан да тешна ву, Путина бехкечарна таIзар дийр ду аьлла


Вийначу шина кIентан да Гасангусейнов Муртазали
Вийначу шина кIентан да Гасангусейнов Муртазали

Дагестанехь байинчу вежарийн ГасангусейновгIеран да догйовха ву, шен дайинчу берех Оьрсийчоьнан президентна дIахиъначул тIаьхьа, бехкечарна таIзар дийр ду аьлла.

"Суна ца хаьа, оцу журналистна ас муха баркалла ала, цо Путинца хиллачу пресс-конференцехь, сан бераш хьахорна. ХIинца дегайовхо ю сан, Путинера гIо хир ду аьлла", - дийцина "Кавказ.Реалии" портале Гасангусейнов Муртазалис.

Дагестанан пачхьалкхан телерадиокомпанин корреспонденто Еськина Еленас хIора шарахь хIотточу Путинан пресс-конференцехь айдира байинчу ГасангусейновгIарех хаттар.

Шена хезна дацара цунах лаьцна, амма кхи дIа и гIуллакх тергоне а эцна, Оьрсийчоьнан Талламан комитетан куьйгалхочунна Бастрыкин Александрна тIедуьллур ду ша аьлла, тIелаьцна Путин Владимира.

2016-чу шеран аьхка дIахьочу леринчу операцехь вийра Гасангусейнов Наби а, Гасангусейн а. ТIемалой бара уьш аьлла, зулам къайладахьа гIоьртира ницкъахой, амма юкъаралла ца тийшира цунах.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG