"За права человека" боламан куьйгалхо Пономарев Лев маьршаваьккхина Москохарчу изоляторчуьра 16 дей, буьйсий чохь даьккхинчул тIаьхьа. Фейсбукехь хIоттийна пост бахьанехь лаьцнера иза.
Журналисташка бакъонашларъярхочо дийцарехь, пIераскан Iуьйранна бертаза полисхойн машена а хаийна, "карахь биъ тIоьрмиг а болуш, некъа юккъехь охьатеснера" иза, яздо "Интерфаксо".
Карарчу беттан 5-чохь 25 денна а, буьйсанна чувоьллинера Пономарев, барамаш дIабахьаран къепе йохорна. Бахьана дара, "Новое величие", "Сети" гIуллакхашна бехкебечарна тIехIуттуш вовшахтоьхна акци. Фейсбукехь хаам а бина, хIоттийнера цо и барам. ТIаьхьо Москохарчу кхело 16 дийне ялийра тоьхна хан.
Бакъонашларъярхойн дехарца, 77 шо долу Пономарев дIалацар таллар тIедожийнера Путин Владимира Инарла прокуратурана, амма билгалдаьккхира, "Iедалшца дага а ца волуш митингаш хIиттайо цо" аьлла.
"Вайна ма ца лаьа Парижехь санна вай долчохь а къепе талхор: некъан экъанаш бухйохуш, массо а хIуманах цIе а туьйсуш, чолхечу хьолан раж хIуттийла", - аьлла, дIахьедира хIетахь Путина.
Бакъонашларъярхочун Алексеева Людмилин тезета ваха бакъо а ца елира кхело Пономаревна.